Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигІлат-Палиасара, схьа а веана, Іаюн, Абал-Байт-МаІак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гІаланаш, иштта ГалІад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дІалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дІакхалхийра цо. Амма Ашур-мехкан паччахьна хааделира ХІушаІа шена дуьхьал барт бина хилар. ХІушаІа Мисар-мехкан Су-паччахьна тІе геланчаш хьажийнера, ткъа Ашур-мехкан паччахьна, ша хьалха луш ма-хиллара, ял ца еллера цо. Цундела Ашур-мехкан паччахьо, ХІушаІ дІа а лаьцна, иза набахти чу воьллира. Берриг а Исраил-махкана тІегІоьртира Шалманесар. Шамран-гІалина тІе а веана, кхаа шарахь го бина латтийра цо и гІала. ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш дІалецира Ашур-мехкан паччахьо Шамран-гІала. Исраилхой, Ашур-махка дІа а бигна, Хьалахь-гІалахь а, Газун-кІоштахь долчу Хьабур-хина йистехь а, Мадай-мехкан гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо. Везачу Эло уьш дІататталц, Шен ялхой болчу массо а пайхамаршкахула Цо аьлла ма-хиллара. Исраилхой шайн махкара Ашур-махка дІакхалхийнера, уьш хІинца а цигахь бехаш бу. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до доьалгІа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тІе а гІоьртина, Шамран-гІалина го бира. Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Цундела, УхІулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кІордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьІІера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тІаккха цара хьуна го бийр бу. Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дІахІуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела?
Выбор основного перевода