Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Дуьненан массо а кхечу пачхьалкхашна ирча масал дина дІахІоттор ю Аса Ярушалайм, яхІудхойн паччахь волчу Хьузакх-ЯхІун кІанта Маннаша динарг бахьана долуш. Дуьненан массо а пачхьалкхашна Аса царах инзаре а, вон а хІума дийр ду. Аса уьш дІалаьхкина йолчу массо а меттехь атта хоьтуьйтур бу, царах масалш а далош, нах кхордуьйтур бу, церан цІераш а йохуш, неІалташ кхайкхадойтур ду. Со царна туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца тІаьхьавер ву. Дуьнен чохь йолу массо а пачхьалкхаш кхераелла хир ю, шайна цу халкъана динарг гича. Аса уьш дІа мел лаьхкинчу массо а къаьмнашна юкъахь наха церан цІе яккхарца неІалт эр ду, царна динчунна нах инзарбевлла хир бу, царах кхаьрдар бу, нахана уьш дола хетар бу. Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тІе тІулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а. Уьш хьуна тІелетар бу герзашца а, гІудалкхашца а. Церан йоккха тоба хир ю, доккхачу а, жимачу а турсашца а, гІемашца а. Цара хьуна го бийр бу, ткъа Ас хьо церан кара дІалур ю, цаьрга хьуна тІехь кхел яйтархьама. Иштта цара, шайн Іадаташка хьаьжжина, хьуна таІзар дийр ду.
Выбор основного перевода