Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И керт яра кІайчу а, сийначу а басахь долчу вēтанан кІадешца кечйина. Уьш кІайн а, цІарула-цІен а долчу кІадинах йинчу тІергашца шагатІулган бІогІамашна тІе даточу хІазаршца дІатесна яра. Деших а, детих а йина садаІа меттигаш яра уьйтІахь кечйина. И уьйтІе, баьццара тІулгаш а, шагатІулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хІума а, иштта Іаьржа тІулгаш а дехкина, кечйина яра. Аса сайн метта тІе духІиш а, сарап а, кхечу тайпана хаза хьожа йогІу хІуманаш а тоьхна. Ас хьайна елла йолу хаза юьйцина кучамаш схьа а эцна, уьш цу цІушна тІеюьйхира ахьа, иштта Ас хьайна делла даьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а царна лерина долчу сагІина охьадуттура ахьа. Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.
Выбор основного перевода