13
Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а.