Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира. Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара. Ахьа цаьрга иштта ала деза: „ХІара боху Хьалдолчу Эло Ярушалайме: ‘КанаІан-махкахь дара хьан схьаялар а, хьан дуьнен тІе ялар а. Хьан да – эмархо вара, ткъа нана – хьетахо яра. «Кицанаш далош мел волчо, хьох лаьцна хІара кица далор ду: „Нана ма-хиллара, йоІ а ю“. ЙоІ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да – эмархо ву. Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гІала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гІала ю.
Выбор основного перевода