Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац. Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша. «Пайхамарш а, динан дай а Іеса бу, – боху Везачу Эло, – ур-атталла Сайн цІа чохь а церан Іесалла хааелла Суна. Аша Сан цІийнан керта чу хийрачу къаьмнех болу нах балийра. Иштта сунтбаза а, дегнаш хедоза а болчу аьрхачу наха а, Сан цІенна улло а кхаьчна, иза бехдина, Суна тІе сагІанийн мохь а, цІий а деача. Шаьш мел динчу дегазчу гІуллакхашца Соьца бина болу барт бохийра аша.
Выбор основного перевода