Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхидІа ЮшаІа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цІена а, даггара а Цунна Іамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Іачу хенахь шайн дайша Іамал йина деланаш дІа а тасий, Везачу Элана бен Іамал ма е. ХІунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хІаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хІорра а Ахь хІаллакво. „Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цІеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тІех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гІиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. Айхьа дегаза мел долу гІуллакхаш леладечу хенахь а, Суна тешаме ца хуьлучу хенахь а хьуна дага ца йогІура хьо жима а, къона а хилла зама – оцу хенахь хьо ерзина а яра, тІехь хІума а йоцуш, хьайн цІийлахь хьийзаш а яра“». Цул тІаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгІазалла сов а йоккхуш. Амма уьш Суна дуьхьалбевлира, царна ца лаьара Соьга ладогІа, цхьаммо а шайна хьалхара боьха цІуш дІа ца бехира, я мисархойн цІушна букъ а ца берзийра. ТІаккха Ас сацам бира Сайн дералла царна тІе охьаІано а, Мисар-махкахь ерриг а Сайн оьгІазалла царна тІе яхийта а. Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош. Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза». Иза Нунав-гІалин лелар бахьана долуш ду. И гІала, хаза куц долу кхахьпа санна, сийсаза лелара, жинашца тайна хилар тІехь уггар а говза йолу, шен сийсаза леларца халкъаш духкуш йолу, шен жиналлица тукхамаш духкуш йолу.
Выбор основного перевода