Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан цІенош цара цІарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгІаташ деш. Аса дІасадаржор ду шу кхечу къаьмнашкахула а, дІасакхуьссур ду шу кхечу мехкашкахула а. Суна хьалха шу цІена цахилар чекхдоккхур ду Аса. Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Іийдина. Амма иза нахаца лелачуьра ца сецира. Цо ша къона хилла зама дагаоьхуьйтура, ша Мисар-махкахь нахаца лелар шена дагахь а латтош. Ас иштта сацор ду кху махкахь боьха лелар, кхиболчу массо а зударшна хІара хІума дІахьедар а деш, уьш нахаца ца лелийтархьама.
Выбор основного перевода