Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо соьга элира: «Адаман кІант, гуш дуй хьуна хІара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хІуманаш ЯхІудан халкъана кІезиг хета те? Цул сов, цара хІара мохк гІелонех бузу, хаддаза Со оьгІаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тІе гаьннаш уьйу! Цундела Аса дІагойтур ю царна Сайн оьгІазалла, царах къинхетам а бийр бац, уьш кхоор а бац Аса. Уьш, маьхьарий а детташ, Соьга кхайкха буьйлалур бу, амма Ас ладугІур дац цаьрга». Къилбанан хьуьне дІаала: „ЛадогІа Везачу Элера долчу даше. Хьалдолчу Эло боху: ‘Хьох цІе лато воллу Со, ткъа оцу цІеро хьан дерриг а дитташ – къона я декъа уьш делахь а – дІакхоллур ду. Латийна алу йовр яц, ткъа хІорра а къилбехьара дуьйна къилбаседе кхаччалц морцур ву. ТІаккха адамашна хуур ду Аса, Везачу Эло, и цІе латийнийла а, иза дІаяйа йиш йоцийла а’“». Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Шу схьа а гулдина, Ас Сайн оьгІазаллин цІеран Іаь тухур ю шуна тІе, тІаккха шу цу юкъахь лелар ду. Цул тІаьхьа гулбеллачеран тобано царна тІе тІулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кІентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цІенош а дохор ду. Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву.
Выбор основного перевода