10
ЭлиІазар хилла цигахь, пІелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тІом беш. Цо, шен куьг, кІад а делла, туьрана тІелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиІазар толам баьккхина ваьллачул тІаьхьа, тІемалой тІегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тІера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хІума ца диснера.