13
ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хІаллакбина болу уьш шайн цІушна юкъахь а, шайн сагІа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тІехь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а, хІора тІехь гІа долчу дитта кІел а, иштта шен гаьннаш дІаса дахийтинчу ножан диттана кІел а – шаьш хаза хьожа йогІу хІуманаш цІушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Іохкучу хенахь.