Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
НеІарна а, гурана а тІехьа хІиттайо ахь цІуйн билгалонаш. Сох дІа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дІабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна. Цундела, УхІулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кІордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьІІера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тІаккха цара хьуна го бийр бу. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХІинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дІалуш ю, хьан дог шайх дІадирзинчеран кара. И дерриг а хьуна дийр ду, хІунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цІушна Іамалъярехула хьо бех а еш.
Выбор основного перевода