Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. Цу хенахь Ахьаз-паччахьо Ашур-мехкан паччахьна тІе геланчаш бахийтира, шена гІо доьхуш, хІунда аьлча эдомхоша цул тІаьхьа, схьа а богІий, дуккха а долчу адамна етта а еттара, уьш йийсаре а буьгура. ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхІудан халкъ, хІунда аьлча иза, ЯхІуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чІогІа тешаме воцуш лелара. Ашурхойн паччахь ТилгІат-Пилнасар веара Ахьаз волчу, амма шегара гІо хиларан метта, бале велира иза цунна. ХІунда аьлча Ахьаза Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а, элашкара а еза хІуманаш, схьа а эцна, ашурхойн паччахье дІаелира, амма и шадерг гІоьнна ца хилира цунна. Ур-атталла ша холчу хІоьттинчу хенахь а Ахьаз-паччахь кхидІа а Везачу Элана тешаме воцуш лелара. Шена тІехь толам баьккхинчу Дамасакхерачу деланашна лерина сагІанаш дохура Ахьаза, хІунда аьлча цо ойла йира: «Арамхойн паччахьийн деланаша царна гІо дина хилча, аса а дохур ду царна сагІанаш, цаьрга сайна гІо дайтархьама», – аьлла. Амма и деланаш Ахьазана а, дерриг а Исраилан халкъана а эшамна хилира. УхІулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тІемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. Ас уьш берриш а схьабалор бу: берриг а хашадхойх болу бавелхойн элий, Пакхудера а, ШуІагара а, КхуІагара а божарий, цаьрца цхьаьна Ашур-махкара элий а. Уьш берриш а хаза къонахой бу, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а, лакхарчу даржера болу тІеман хьаькамаш а. Ткъа уьш берриш а говза дошлой бу.
Выбор основного перевода