Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгІин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТІаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!» „Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цІеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тІех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гІиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. Цул тІаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгІазалла сов а йоккхуш. Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Іийдина.
Выбор основного перевода