Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цІеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тІех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гІиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. Ас царна тІедиллинера, шайна хьалхара боьха цІуш дІабаха, шаьш мисархойн цІуш бахьана долуш ма бехде аьлла, хІунда аьлча Со церан Веза Дела ву! И дерриг а хьуна дийр ду, хІунда аьлча хьо кхечу къаьмнашца лела марзъелира, церан цІушна Іамалъярехула хьо бех а еш. Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦІушна Іамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла. Инзаре ирча хІума гина Суна Исраилан халкъана юкъахь. ЦІушна Іамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Далла хьалха бехделла.
Выбор основного перевода