Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. Хаза хьожа йогІу хьакхар а эцна, хьо Мулка-цІунна тІе йогІу. Ахь хьайн хьакхарш алсамдоху. Хьайн геланчаш генна дІабохуьйту ахь – ур-атталла эхарте кхаччалц уьш буьссуьйтуш. Яссийна хинйолу гІала, хьо хІун деш ю? ЦІен духарш хІунда духу? Дашо туьтеш хьайна тІе хІунда ухку? БІаьргашна басарш хІунда хьоькху? Хьо хазъяр эрна ду хьуна! Хьан безаргаша хьо йитина, хІинца хьо ен гІерташ бу уьш! Аса хьуна хаза жовхІарш а делира, пхьаьрсех хІазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна. Хьо чІогІа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хІуманашца, дуткъачу кІадих а, чилланан кІадих а, тир яьккхинчу кІадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чІогІа хазъелла дІахІоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла. Хьан цІеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чІогІа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло. „Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цІеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тІех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гІиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш. Хьайн бедарех цхьайолу хІуманаш схьа а эцна, цаьрца бес-бесара сагІа доккху гунаш кечдира ахьа, цигахь, Суна тешаме а ца хуьлуш, нахаца лела зуда санна а лелаш. Иштта лелар ца магийнарг а, хила ца дезарг а ма ду!
Выбор основного перевода