Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бен-ХІинам-тогІи чохь йолчу Тупатахь цара сагІа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кІентий а, зудабераш а дагорхьама. И хІума Аса царна тІе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. „Айхьа Суна бина болу кІентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагІа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, Сан кІентий, цІерах чекх а бохуьйтий, байъа а бойъий, хьайн цІушна сагІина дІалора ахь. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ахь хьайн боьха лаам дІагайтира, хьайн безаршна а, дегазчу цІушна а хьалха ерзина а юьйлуш, хьо цаьрца лелара, иштта хьайн кІентийн цІий цІушна Іенадора ахьа. Цул тІаьхьа Ас кхел йийр ю хьуна, ткъа хьан таІзар нахаца леллачунна а, цІий Іанийначунна а доггІург хир ду. Сайн оьгІазаллица а, дераллица а Аса хьан цІий Іанор ду. ЙоІ йолу хьо хьайн ненах тера ю, шен майрачух а, берех а ца яьшна йолу. Шайн майранаш а, бераш а ца эшна болу хьан йижарий ма-хиллара, хьо а ю. Шун нана хьетахо ю, ткъа да – эмархо ву.
Выбор основного перевода