Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дІахердина. Амма Суна гира, и массо а хІума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ а, дІа а дахана, кхахьпа санна лелара. Цхьана а тайпана эхь ца хетарца цо бехбира и мохк, тІулгах а, дечигах а бинчу цІушца лелаш. Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ цІеначу дагца Суна тІе ца дирзира, цо Суна моттаргІанаш лелайора, ша тІедирзина моттуьйтуш», – боху Везачу Эло. Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхІудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо. Хьо, цара леллийнарг а лелош, церан дегазчу некъашкахула лелла а ца Іаш, кІеззиг хан ялале, царал а телхина лелара. Шамран-гІалано ахьа диначул ах а вон ца дина. Хьо ю дегаза хІуманаш деш царал а тІехъяьлларг. Хьоьца нисбича, хьан йижарий цІена хета.
Выбор основного перевода