Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. Ашур-мехкан паччахь Шалманесар ХІушаІана дуьхьалвелира. ТІаккха ХІушаІах, Шалманесарна ял а луш, цуьнан ялхо хилира. «Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала. Эпрайман халкъ а девза Суна, Исраилан халкъо лелориг а ца даьлла Сох къайла. ЦІушна Іамал а йина, Эпрайман халкъ сийсаза лелла, цундела Исраилан халкъ Суна хьалха бехделла. Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. Цара кхечу къаьмнашна тІе совгІаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТІаккха уьш гІелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех.
Выбор основного перевода