Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Хьан цІенош цара цІарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгІаташ деш. Хьо кураллех юьзначу хенахь, хьан вон лелар массарна а дІахаале, хьайн йиша йолу Седам хьан багахь беламе дош ца хилира те? Ткъа хІинца хьох кхаьрдаш бу арамхойн а, пІелаштамхойн а зударий а, царна гонах хьох ца бешаш берш а. Цул тІаьхьа гулбеллачеран тобано царна тІе тІулгаш кхуьссур ду, таррашца уьш цоьстур а бу, цу зударийн кІентий а, зудабераш а дойур а ду цара, иштта церан цІенош а дохор ду. Иштта цуьнан дерзина дегІ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза.
Выбор основного перевода