18
Баьпкашца цхьаьна шо кхаьчна долу, цхьа а сакхт доцу ворхІ Іахар а, даккхийчу хьайбанех цхьа старгІа а, ши ка а балабе. Цу бежанех Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІа доккхур ду. Цаьрца цхьаьна кІен а, чагІаран а сагІанаш даха дезаш ду. ЦІера тІехь дохуш долчу оцу сагІанийн хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.