Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу а, цуьнан тхьамданаш а, цу гІалара Іожаллин уьнах а, туьрах а, мацаллах а кІелхьардаьлла долу халкъ а дІалур ду Аса бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецаран кара а, уьш байа лууш болчу церан мостагІашна а. Набухди-Нецара уьш туьраца хІаллакбийр бу. Цо уьш кхоор а бац, царах къа а хетар дац, къинхетам а бийр бац“. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю.
Выбор основного перевода