Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Самаялахьа, самаялахьа, гІаттахьа, Ярушалайм! Везачу Элан карара Цуьнан дераллин кад мелла ахь. Кад берриг а бассийна ахь, цо хьо тахкийна. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Айхьа Іанийна долу цІий бахьана долуш, ахьа хьо бехке йина, айхьа бина цІуш бахьана долуш, хьо Суна хьалха бех а йина. Хьан тІаьххьара де тІекхаьчна, хьан заманан чаккхе уллоеана. Цундела Ас кхидолу къаьмнаш хьох кхордуьйтур ду, массо а мехкаш хьох доьлуьйтур ду. Хьуна уллохь берш а, генахь берш а хьох боьлур бу, ва боьхаллина цІеяхана, карзахаллех юьзнарг.
Выбор основного перевода