Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъах дукхахберш байъина охьаэгор бу, ткъа бисинчарна хуур ду, Со Веза Эла вуйла. Паччахь тийжаш хир ву, эла догдоьхна хир ву, ткъа адамийн дегнаш тІе тесна кхерам хир бу. Ас цара лелийначуьнга хьаьжжина дерг дІалур ду царна. Шаьш кхечарна йинчу кхеле хьаьжжина, Ас цу нахана а кхел йийр ю. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза эла вуйла». Суна дуьхьалбевлларш а, Суна дуьхьал аьрха лелларш а шуна юкъара схьакъастор бу Ас. Шаьш бехаш болчу махкара Ас уьш арабохур белахь а, уьш цкъа а Исраил-махкана чубогІур бац. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла вуйла. Ас шун дайшна ваІданца лур бу аьллачу Исраил-махка шаьш схьадалийча, хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Ва Исраилан халкъ, хьан вочу некъашка а, гамдинчу гІуллакхашка а ца хьожуш, ткъа Сайн цІеран дуьхьа Аса хьо лелийча, хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла». Иштта элира Хьалдолчу Эло. Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «Со виц а вина, Суна букъ берзорна, ахь бала лан беза хьайн боьха леларна а, хьайн нахаца леларна а». Ткъа гІайренна дуьхьал хІордан йистехула лаьтташ болу цуьнан мехкарий туьро хІаллакбийр бу. ТІаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла“. Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьІаьржачу хІиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош.
Выбор основного перевода