Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. «Адаман кІант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогІуш хила безаш бу. Некъан билгало дІахІоттае некъ бекъалучу гІалахь. УхІулат, Суна тешаме а йоцуш, нахаца лелара. Иза ашурхой болчу шен безаргашца лела марзъеллера. Уьш бара сийна духарш дуьйхина болу тІемалой а, мехкадай а, меттиган куьйгалхой а. Уьш массо а хаза къонахой бара, говза дошлой болу. Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тІемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.
Выбор основного перевода