Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хьо хьайл хьалха хиллачу массо а паччахьел а сов зуламаш деш хили. Со оьгІаз а вохуьйтуш, лалийначу хІуманах цІуш а бина, хьайна кхин деланаш дІахІиттийна ахь, ткъа Со-м кхоччуш дІатеттина ахь. Амма уьш, карзах а бевлла, Хьуна дуьхьалбевлира! Ахь беллачу товрат-хьехамаш тІера уьш дІабирзира. Хьан пайхамарша уьш чІогІа боьхура, Хьуна тІе юхаберза бохуш, амма цара и пайхамарш байира. Тхан дайша Хьуна дуьхьал Іеса къамелаш дора, Зудаберана шен жовхІарш диц ца ло. Нускална шен доьхка а диц ца ло. Амма Сан халкъана Со диц ца даллал дукхазза вицлора. Ерзинчу лакхенашкара схьахезаш белхар ду: Исраилан халкъо шайн цІушка орца доккху, шайн Дела волу Веза Эла виц а вина, шаьш шайн некъаш талхор бахьана долуш. Шуна таІзар дийр ду шун боьха лелар бахьана долуш, иштта цІушна Іамал а еш, аша летийначу къиношна жоп дала дезаш а ду шу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Хьалдолу Эла вуйла». Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. «Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю».
Выбор основного перевода