Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан карахь цхьа кад бу, иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагІарх буьзна бу. Лаьттан массо а Іесачарна Цо оцу кеда чуьра Іанадо, ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дІамер ду и чагІар. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. ТІаккха Аса иза шен безаргийн кара дІаелира. Иза ашурхошца лела марзъеллера, церан кара Аса иза дІа а елира. Цара иза ерзина яьккхира, цуьнан кІентий а, зудабераш а схьадехира цара, ткъа иза ша туьраца йийра. Цунна и таІзар динчу хенахь зударша иза, сийсазйохуш, юьйцура.
Выбор основного перевода