Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Царна ницкъ болчу говрийн когийн татанаш хезар ду, гІудалкхаша еш йолу гІовгІа а хезар ю. Цу гІовгІана юкъахь дай шайн берашка дІахьажа а, царна гІо дан а кхуьур бац, хІунда аьлча гІора дІадаьлла болчу цара шайн куьйгаш охьадохуьйтур ду. Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тІе тІулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а. адамийн дегнаш дашорхьама а, охьаэгнарш дуккха а хилийтархьама а. Церан хІорра а кевнехь Аса хІаллакдайтаран тур хІоттийна. ЭхІ, ткъес санна къегийта дина ду иза, хІаллакдайтарна даьккхина! «Адаман кІант, Бавелан паччахь шен туьраца схьаваийта шина некъан сурт дилла. И ши некъ цхьана махкара схьабогІуш хила безаш бу. Некъан билгало дІахІоттае некъ бекъалучу гІалахь. Цуьнан аьтту куьйга, Ярушалайме гІо аьлла, кхаж бер бу. Иза, оцу кхоже хьаьжжина, цигахь оганаш херцош долу бІогІамаш дІахІитто а, адам хІаллакде, аьлла омра дан а, тІеман орца даккха а, гІалин кевнаш дохо гІирс дІахІотто а, гІалин гонах лаьттан гунаш дан а, гІала схьаяккхархьама кхиболу тІеман гІирс дІахІотто а безаш ву. Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тІак а, юм еш йогІучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гІудалкхан гІовгІа а ю хезаш.
Выбор основного перевода