Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тІеозийра хьуна тІехула, хьан ерзина хилар дІа а хьулдеш. Ас чІагІо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТІаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло. „Айхьа Суна бина болу кІентий а, мехкарий а ахьа, схьа а эцна, царах хьайн харцделанашна сагІа даьккхира. Иштта, хьан Суна тешаме цахилар тоьуш а доцуш, Хьан йоккхаха йолу йиша – Шамран-гІала ю, хьуна къилбаседехьа шен зудаберашца ехаш йолу. Хьан жимаха йолу йиша, хьуна къилбехьа шен зудаберашца ехаш йолу, Седам-гІала ю. Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тІехь нехан цІий ду. Шайн цІушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кІентий а цара, цІерах чекх а бохуьйтуш, цІушна кхачанна дІалора.
Выбор основного перевода