Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Ас дІалур ю хьо хьайн безарийн кара, тІаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цІенош, дІасакхуьйсур ю хьан цІушна Іамал ян меттигаш а. Цара хьуна тІера бедарш дІайохур ю, хьан жовхІарш дІадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю.
Выбор основного перевода