Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Иштта дийна волчу Сайх чІагІо йо Хьалдолу Эла волчу Аса, шайн боьхачу цІушца а, шаьш мел лелийначу дегазчу гІуллакхашца а аша Сан еза Меттиг сийсазъяккхарна, Аса Сайх дІахадор ду шу. Со шуьга къинхетам боцуш хьожур ву, шу кхоа а ца деш. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Амма Исраилан халкъ Суна дуьхьалделира яьссачу аренгахь. Цара Сан тІедехкинарш кхочуш а ца дора, иштта Сан парзаш дІа а тоттура. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула вехар ма ву. Цара Сан шоьтан денош чІогІа сийсаз а дохура. ТІаккха Ас сацам бира яьссачу аренгахь Сайн дералла царна тІе йоссо, уьш хІаллак а беш. Ахьа Суна деза хетарш а ца лору, иштта Суна лерина шоьтан де а ца лору.
Выбор основного перевода