Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра. Цара схьакхойкхур ю адамийн тоба, цаьрга хьуна тІе тІулгаш кхиссийта а, таррашца хьо цестийта а. Хьан цІенош цара цІарца дагор ду, дуккха а зударшна хьалха хьуна кхел а йийр ю. Ас сацор ду хьан нахаца лелар, хьо лелар яц кхин совгІаташ деш. Исраилан халкъе дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сан дезачу цІийнах шу дозалла деш делахь а, иза шун чІагІо елахь а, иза шуна хьежа лууш йолу меттиг елахь а, иза шуна баккъал дезахь а, Со иза бехдан воллу. Ткъа аша битина болу шун кІентий а, зудабераш а туьро хІаллакбийр бу.
Выбор основного перевода