Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». „Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тІемаш тІехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. БоІаза хаьттира цуьнга: «Хьо мила ю?» «Со хьан лай йолу Рути ю-кх, – жоп делира зудчо, – Хьо со Іалашъеш, суна гІо дан дезаш болчу гергарчарех цхьаъ волу дела, хьайн хІусамехь, хьайн юргІана кІелахь йитахьа со». «Ярми-ЯхІу, ваха а гІой, Ярушалайман халкъе дІахьедар де. Цаьрга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Къоначу хенахь хьо тешаме хилар дагадогІу Суна, хьо къона нускал долуш Со везара хьуна. Хьо Суна тІаьхьахІоьттина догІура яьссачу аренгахула – тІе хІу тасаза долчу лаьтта тІехула. Гуттаренна а Сайна тІеерзор ю Аса хьо. Нийсо а, бакъдерг а, хедар боцу безам а, къинхетам а баларца Сайна ерзор ю Аса хьо.
Выбор основного перевода