Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зудчунна тІе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дІавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла. Зудчо хаьттира: «Ахь хІун лур ю суна хьо сайца дІавуьжуьйтург?» ЯхІуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна». Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хІума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?» ХІара бу НегІаб яьссачу арахь долчу дийнатех лаьцна хаам: «Шена чохь дуккха а лоьмаш долчу а, шена чохь дІаьвше лаьхьанаш а, саьрмикаш а долчу сингаттамечу а, кхерамечу а махкахула дІабоьлху яхІудхойн векалш. Шайн варрашна а, эмкалшна а тІедехкина, деза совгІаташ хьо цара цхьана а агІор шайна дан гІо доцучу халкъана. Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. Цара кхечу къаьмнашна тІе совгІаташ кхехьийтинехь а, Аса уьш кестта схьагулбийр бу. ТІаккха уьш гІелонехь хир бу сийлахьчу паччахьан куьйгех.
Выбор основного перевода