Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шух дийна бисинчарна, халкъашна юкъахь йийсарехь Іаш болчу хенахь, Со дагавогІур ву. Шайн тешаме доцучу дегнашца Сох дІадовларна а, церан бІаьргашца цІушна тІаьхьахІиттарна а Суна халахетта хиларх кхетар бу уьш. Иштта, церан шаьш-шайх дог дер ду, шаьш лелийна вон хІуманаш а, шаьш мел дина дегаза гІуллакхаш а бахьана долуш. ТІаккха хьуна айхьа дІакхехьна некъаш дагадогІур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоІарий санна дІалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогІуш дацара, амма Ас иза дийр ду. Ткъа хІинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. Шаьш хІинца юьхьІаьржачу хІиттош, хІетахь лелийначу гІуллакхех шуна хІун пайда баьлла? Цу гІуллакхийн чаккхе Іожалла ма ю!
Выбор основного перевода