Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Ерзинчу лакхенашка хьала а хьажий, схьаалахьа, Исраилан халкъ, хьо хьарам мичахь ца лелла? Хьайн безаргашка хьоьжуш, некъан йистехь Іийна хьо, Іаьрбихо яьссачу аренгахь некъахошна тІелата дагахь ма-Іарра. ХІара латта бехдина ахьа хьайн хьарам леларца а, мекарлонца а. Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. Лекхачу а, хьалабаьккхинчу а лам тІе хІоттабо ахь хьайн маьнга, цига хьалайолу хьо сагІа даккха.
Выбор основного перевода