Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац! «Дукха хан ю хьан дукъ ахь кагдина, тоххарехь хьан буржалш а хадийна. Ахьа бохура: „Хьуна муьтІахь хир вац со!“ Бакъду, муьлххачу а лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу диттана кІелахь а, кхахьпаллица кхечу деланашна Іибадат дора ахь. Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза». «Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала. Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу. НеІарна а, гурана а тІехьа хІиттайо ахь цІуйн билгалонаш. Сох дІа а йоьрзий, ерзина а йолий, метта йолу хьо. Хьайца дІабийшинчаьрца барт бо ахь цаьргара мах баккха. Цаьрга а хьоьжуш, хьайн хьарамчу лаамах там хуьлу хьуна. Шаьшшиъ къона йолчу хенахь дуьйна Мисар-махкахь церан нахаца лелаш хилла и шиъ. Мисар-махкахь церан накхош хьекхийна, куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Іийдина. Мисар-махкахь йолуш ша долийна долу нахаца лелар ца дитира цо. Иза къона йолчу хенахь божарий буьйшура цуьнца, цуьнан куьг тохаза йолу накхойн юьхьигаш Іуьйдура цара, шайн хьайна хилар цунна тІе а дассадора. Цуьнан жимаха йолу йиша УхІулибат и дерриг а гуш яра, амма цунна нахаца лела лаар кхин а чІогІа гена даьллера, иза шен йишел а чІогІа нахаца лелаш яра. Иза ашурхошца – мехкадайшца а, меттиган куьйгалхошца а, хаза духарш дуьйхина болчу тІемалошца а, говза дошлошца а – лела марзъелира. Уьш берриш а тоьлла къонахой бара.
Выбор основного перевода