Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Цу дийнахь Мисаран а, Ашуран а къоман даржехь Исраилан къам а хир ду. Уьш декъалдар хир ду дерриге а дуьненна. Уьш декъал а деш, массо а ницкъийн Везачу Эло эр ду: «Декъалдина ду Сан халкъ долу Мисаран къам, Аса кхоьллина долу Ашуран къам, леррина Сан долахь дерг долу Исраилан къам». Аса шуьга Со каравойтур ву, – боху Везачу Эло. – Аса шун аьтто хилар карладоккхур а ду, массо а халкъашна юккъера, массо а Айса дІалаьхкинчу мехкашкара шу гулдийр ду Аса, – боху Везачу Эло. – Хьалха шаьш йийсаре дІадигначу метте юхадалор ду Аса шу“. Амма Суна дагахь лаьттар бу хьо къона йолчу хенахь Ас хьоьца бина болу барт. Ас хьоьца массо а ханна лерина болу керла барт бийр бу. ТІаккха хьуна айхьа дІакхехьна некъаш дагадогІур ду. И некъаш бахьана долуш хьуна эхь хетар ду, Ас хьол баккхий а, хьол жимах болу а йижарий – Седам а, Шамран а, – хьуна йоІарий санна дІалучу хенахь. Иза вай бинчу бартана юкъадогІуш дацара, амма Ас иза дийр ду. Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХІинца Ас Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цІе Ас ларйийр ю.
Выбор основного перевода