Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІахьаьжначу ЛутІина Йордан-хи догІу ерриг а меттиг гира. (Иза дара Везачу Эло Седам-гІала а, Іамор-гІала а йохаяле.) Цу хенахь Йорданан тогІи ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц Везачу Элан беш санна яра. Мисар-махкахь санна, дика дара цигара латта. Церан яххьаша гойту уьш бехке хилар, шайн къинах лаьцна цара, ца лечкъош, седамхоша санна, дуьйцу. Къа ду церан! Шаьш шайна бохам бо цара. Цо адамашна гІело а ца йо, шегара декхар эцначунна цо закъалтана елла хІума а дІало. Цо къола а ца до, мецачунна яа хІума а ло, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а ло. я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь, ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. Изза дара ЛутІа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дІадоьра, гІишлош йора.
Выбор основного перевода