Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛутІас шена Йорданан тогІи хаьржира. И шиъ дІасакъаьстира: ЛутІа малхбалехьа вахара, ткъа Ибрам КанаІан-махкахь висира. ЛутІа тогІи чохь йолчу гІаланашна юккъехь ваха хиира. Седамана тІекхаччалц дІа а вахана, шен четарш хІиттийра цо. Седаман бахархой чІогІа зуламе а, Везачу Элана хьалха къинош летийна а бара. Везачу Элан даше ладогІа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тІедиллиначуьнга ладогІа, Іаморера халкъ! Аса ойла йира, ша лелош дерг лелийна яьллачул тІаьхьа, иза Со волчу юхайоьрзур ю аьлла, амма иза юха ца йирзира. Цо динарг тешаме йоцучу цуьнан йишина ЯхІудан халкъана гира. Йоккхаха йолчун цІе УхІулат яра, жимаха йолчун – УхІулибат. И йижарий Сан бара, цара Суна кІентий а, зудабераш а дора. УхІулат – иза Шамран-гІала ю, ткъа УхІулибат – иза Ярушалайм-гІала ю. «Шайн вежаршна, „Сан халкъ“ (Іами) алий, цІе тилла, ткъа шайн йижаршна, „къинхетам бинарш“ (Рухьама) алий, цІе тилла». ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро хир ду ма-аллара: «Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло вайн тІаьхьенах цхьаберш дийна битина бацахьара, вай Седам-гІалин бахархой санна а хир дара, Іамор-гІалин бахархойх дІа а тарлур дара».
Выбор основного перевода