Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. Іузи-ЯхІун кІентан Йовтаман кІант Ахьаз ЯхІуд-мехкан паччахь а волуш, Рицан Арам-мехкан паччахь а волуш, ткъа Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи Исраил-мехкан паччахь а волуш, тІом баьлла. Рицан а, Пикхахьи а тІамца Ярушалайм-гІалина тІелетира, амма цаьрга иза схьа ца яккхаелира. Даудан тІаьхьенах волчу Ахьаз-паччахье хаам кхечира, арамхой эпраймхошца цхьаьнакхетта аьлла. И кхаъ хезча, паччахь а, цуьнан нах а кхерабелира, мохо ластийна хьуьнхара дитташ санна, бегийра уьш. Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву. ТІаккха Ас хьуна таІзар дира, хьуна дІаделла дакъа жим а деш. Ас пурба делира хьан мостагІий болчу пІелаштамхойн зудаберашна хьуна шайна луъург дан, ткъа уьш а бара хьан боьха леларх цецбевлла.
Выбор основного перевода