Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац». Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тІе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дІагайта. qac Зqac*ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хІинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хІинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хІинца, шена эхь хетарна, дІа а йоьрзуш. Цундела, УхІулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кІордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьІІера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тІаккха цара хьуна го бийр бу. Хьалдолчу Эло иштта боху: «ХІинца Ас хьо хьуна ца безаш болчеран кара дІалуш ю, хьан дог шайх дІадирзинчеран кара. Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дІа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьІаьржачу а хІоттош. Иштта цуьнан дерзина дегІ гучудоккхур ду Аса цуьнан безаргашна хьалха. Сан карара цхьаьнгге а схьаяккхалур яц иза. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Ас хьан бедаран юх хьан юьхь тІе озор ю. Ас халкъашна хьан ерзина ялар, ткъа пачхьалкхашна хьан сий дайна хилар дІагойтур ду.
Выбор основного перевода