Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа гІали чохь йолу ерриге а хІонс майданна юккъе схьагулъе. ГІала а, цуьнан мел йолу хІонс а цІерца ягае, шун Везачу Далла лерина долу сагІа санна. Латтийла и гІала даим саьлнаш а хилла, цкъа а юхаметтахІоттийна хила ца еза иза. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан ворхІалгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра. Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „ХІинца Со шуна дуьхьалваьлла. Кхечу къаьмнашна хьалха Ас шуна тІехь кхел йийр ю.
Выбор основного перевода