Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалайм, хьо дуьнен чу йолучу хенахь хьан цІонг дІахадо стаг вацара, хьо цІанъялийта хьуна тІе хи кхарза а стаг вацара, хьуна тІе туьха хьакха а, иштта хьуна тІе хІума хьарчо а стаг вацара. Цхьаммо а къинхетам ца бира хьох, цхьаммо а хьан дола а ца дира. Хьо дуьнен чу яьллачу дийнахь хьо аренга дІакхоьссина яра, хІунда аьлча оцу хенахь хьо дІатеттинера. ТІаккха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цІийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Іуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХІаъ, хьо цІийш юкъахь Іуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!› ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте.
Выбор основного перевода