Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а хилира, шаьш Мисар-махкарчу паччахьан карара а, оцу махкара а арадаьхна волчу шайн Везачу Далла дуьхьал исраилхоша къинош летийна дела. Исраилхоша кхечу деланашна Іибадат дора, Везачу Эло соьга элира: «Тешаме доцучу ЯхІудан халкъал ша бехказадаьккхира тешнабехке долчу Исраилан халкъо. Ур-атталла кхечу къаьмнел а, гонах мел долчу халкъел а Ярушалайман бахархой Сан тІедехкинаршна, Сан парзашна а дуьхьалбевллера. Сан тІедехкинарш цара дІатеттира, ткъа Сан парзаш лар ца дора цара». Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву».
Выбор основного перевода