15
Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса».