Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эрна арахь тІедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гІо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дІахІоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тІекхоьллина хІума йоцуш, ерзина яра. Аса хьуна хаза жовхІарш а делира, пхьаьрсех хІазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна.
Выбор основного перевода