Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Цара шайн кІентий а, йоІарий а жинашна сагІина дІалора. Нежнашна юкъахь а, хІора луьстачу дитта кІелахь а цІушца боьзна болчу хьарамчу лаамех дуьзна ду шу. Татолашна йистехь а, тархашна кІелахь а берашна арсаш хьоькхуш ду шу. Ас магадора, шайн сагІанашца цара шаьш бехдар – цара мелхо а шайн дуьххьарлера бераш цІерах чекхдохуьйтура. Аса и хІуманаш дар магадора, уьш Іадорхьама. ТІаккха царна хуур ма дара, Со Веза Эла вуйла’“. Шайн сагІанаш цІушна а дохуш, шайн бераш цІерах чекх а дохуьйтуш, хІинцалерчу денна тІекхаччалц аша Суна хьалха шаьш бех ма до. Аса хьо Сайх дагадолуьйтур ду ткъа, ва Исраилан халкъ? Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – Аса шу Сайх дагадовлуьйтур ма дац!’“» Уьш нахаца лелла, церан куьйгаш тІехь нехан цІий ду. Шайн цІушца а лелла уьш. Шаьш Суна бина болу кІентий а цара, цІерах чекх а бохуьйтуш, цІушна кхачанна дІалора. Мулка-далла сагІа даккха хьайн бераш дІа ма ло, хьайн Делан цІе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву.
Выбор основного перевода