Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІуд-мехкан акъарешкара а, къилбехьара а йолчу гІаланашна тІелетира пІелаштамхой. Байт-Шамаш, Айлон, Гадирут, Соха, Тамна, Гимзу гІаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а, схьа а яьхна, царна чохь баха охьахевшира уьш. ЯхІудхойн паччахь Ахьаз бахьана долуш иштта сийсаздаьккхира Везачу Эло ЯхІудан халкъ, хІунда аьлча иза, ЯхІуд-махкахь зуламаш дар а магош, Везачу Элана чІогІа тешаме воцуш лелара. «Адаман кІант! Муьлххачу а, Суна тешаме а ца хуьлуш, Суна дуьхьал къинош летийначу къомана тІе Соьга Сайн куьг дерзалур дара. Ас церан махкахь болу кхача кхоччуш чекхбоккхуьйтур бара, царна тІе мацалла а хьажор яра, Ас цу махкара адамаш а, хьайбанаш а хІаллакдийр дара. Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а шуна тІехь паччахьалла дийр ма ду Аса. Нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а, охьаІанийначу дераллица а Ас шу кхечу къаьмнашна юкъара ара а дохур ду, шаьш дІасадаржийначу мехкашкара схьа а гулдийр ду.
Выбор основного перевода