Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Адаман кІант! Исраил-махкарчу наха хІара кица хІунда даладо: „Де дийне мел долу хан дІайолу, хІора сурт а дІадолу“? Цундела дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас дІадоккхур ду и кица, исраилхошна юкъахь кхин далор дац и кица’“. Амма ала цаьрга: „ХІора хІоьттина сурт кхочушхуьлу хан тІекхочу“. ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“.
Выбор основного перевода